Связка ложек . («Iайгийн кочар»)

Наименование: СВЯЗКА ЛОЖЕК

Язык наименования: Русский


Наименование: IАЙГИЙН КОЧАР

Язык наименования: Чеченский


Тип объекта:  Обряды


Краткое описание ОНН: Связка из двух деревянных ложек на одном деревянном кольце (1айгийн кочар).

Изготавливали самые искусные мастера из одной целой заготовки без каких-либо соединений. Дарила молодым мать жениха, после привода невесты в дом. Это означало, что они соединили свои судьбы навсегда. И может их разъединить только смерть.

   В первую брачную ночь молодые принимали пищу из этих ложек. Что означало: «Делящие меж собой трапезу не могут быть недружными» (чеченская пословица).

Связка ложек являлась своеобразным талисманом крепости чеченской семьи. И должна была висеть на стене в комнате, где живут новобрачные.  

После смерти мужа или жены, его (ее) ложке отрезали ушко, отделяли от кольца и клали рядом с основной связкой. После смерти обеих, оставалось висеть на стене одно кольцо с их именами.

   Таким образом, по прошествии времени подобных колец на гвозде накапливалось семь и более. Что давало возможность потомкам запоминать имена своих предков.

   Есть у чеченцев и на этот счет своя пословица: «Не мужчина тот, кто не может назвать предков по седьмое колено».

   В те далекие времена, говорят, в Веденском районе такую связку дарили и друзьям, в знак крепости их дружбы…

       Бытовали данные традиции до 1944 г., выселения (депортация) чеченцев в холодные края Сибири и Средней Азии. В настоящее время – на стадии забвения.

подробнее...

Шена ваьлла, ваха охьахуучу стеган чохь, уггаре хьалха, баьрччехь лаьтташ ага хилар лийрина нохчийн халкъо. «Аганан тахкарца ду хIусаман ирс», «Ага долчу цIен тIера беркат хедар дац», «Ага доцу кхерч, белла бу», – боху кицанаша. Я кхане яц оцу кхерчан.

Ага кечдар санна, ларам бар догIучу гIуллакхех хьалхара хилла шен хенахь нохчийн кхерчан ден, кхерчан ненан «кхолламан кочар»: шен-шен цIе тоьхна, цхьана чIагарх тесна дечкан ши Iайг.

– Шина адаман ирсан кхоллам бу кхузахь дечиган Iайгашца билгалбоккхург, – дуьйцура Эвсхарахь ваьхначу къаночо, Россин халкъан хьехархочо Эльдаров IабдулкъахIира (90 шо). – Кхетош аьлча, керла доьзал кхуллуш, гуттаренна а вовшахкхеттачу майрачун а, зудчун а дахаран ша-тайпа хIайкал лийрина и халкъо.

– Ши Iайг вовшашна баккъаш тоьхначу хьолехь цхьана чIагарх хьалаоллар стага а, зудчо а вовшийн баккъаш ларбан я шайна юкъа хиэро, харцо, ямартло, шайтIа ца долийта бартбаран тешам хилла, – олура Хаьмби-Ирзехь ваьхначу къаночо Вадаев Элберда (90 шо). – Ханна доцуш, дика а, вуон а, бала а, гIайгIа а юкъара долуш, дуьнен чохь йоккху зама чекхъяллалц, вовшийн чIагIо, гIортор хилла даха цхьаьнакхетта, бохург ду эр дара ас цуьнан маьIна. Нагахь шайх цхьаъ дIадаьлча, чIагарх схьакъастабой, юххе охьабуьллуш хилла цуьнан цIетоьхна Iайг. Ший а дIадаьлча, дайн орамашца йолу тIаьхьенийн зIе хада йиш цахилар кхетош, пена тIехь кхаза йитина хоттар доцуш йина ден-ненан Iайгийн кочарх схьакъаьстина чIуг, шена тIехь язйина цаьршиннан цIерш а йолуш.

– Хьан цIийнан, цIеран, тайпанан, тукхаман цхьааллин гуо, дуьне мел лаьтта хада йиш йоцуш, дийна латта безар гойтуш хилла, олура тхан дайша, и ши Iайг шена тIетесна чIуг, хоьттина йоцуш (Iайгашца йоьзна), цхьана коьчалх яр, – тIедузу шен къамел Эльдаров IабдулкъахIира.

– Цхьана коьчалх а (из одной заготовки), вовшахтесначу хьолехь а баккха безаш хиларна, муьлх-муьлха а говзанче балуш ма ца хилла цхьана чIагар тIехь ши Iайг, – дуьйцу Нажи-Юьртан кIоштан Бенойн Веданарчу вахархочо Алхазов Iабдул-ГIапура (71 шо), – шаьш захало кхочушдича, оцу балхана охIла волчу пхьере бойтий, нускал далийначу кIантана нанас совгIатана луш хилла, боху, и ши Iайг. Керла кхоллабеллачу доьзалехь ийман, беркат кхиийта а, кIант, нус вовшийн «бага хьаьжжина», барт, безам, ларам болуш, цхьаъ хилийта а. Ткъа цаьршимма, вовшашца цхьана хьалхара рицкъа а доькъий, дуьхь-дуьхьал берзош пенах хьалаоьллина кхазош хилла и ши 1айг. И гIиллакх ишта кхетадо нохчийн халкъан кицано: «Цхьаьна рицкъа доькъуш долчу шина адаман вовшашца барт ца хила йиш яц».

Ши Iайг чIагар тIехь дуьхь-дуьхьал берзийна дIаолларан бахьана довзийтар дехча:

– Вуочу наха, керла вовшахкхетта шиъ дохо, я вовшахдаккха юкъадаьхна цхьацца бозбуанчаллаш хилла оцу Iайгашна гонах лелош а, – кхетадо Iабдул-ГIапура, – зудчан, майрачун цIерш а, харц йозанаш а тIеяздой, вовшашна баккъаш берзабой, 1аьржачу, боьхачу меттехь хьала а ухкий. Цуьнца церан вовшашца долу рицкъа кхачадайта я цаьршиннах цхьаъ далийта болу лаам гойтуш.

Муьлхха а кхечу хIуманна тIехь санна, кхузахь а шайна сом доккху агIо карийна бозбуанчалла лелочу, боьха дегнаш долчу ямартчу нахана. Керла вовшахкхетта доьзалш къасто, вовшахбаха, стенна ду ца олуш, пхьерашка дайтина, оцу балхана лелош цхьана чIагарх тесначу Iайгийн «Iаьржа» кочарш хилла, олуш хезна суна.

– Керла далийначу нускалца ша дуьххьара буу кхача, шайна юкъахь, шайн ден-ненан санна барт, безам, тешам хилийта, цхьана чIагар тIехь байтинчу шаьшшиннан шина Iайгаца бекъар лийрина, олу, ширачу хенахь хIора а нохчочо, – тIедузу вай лакхахь далийна делилаш историн Iилманийн доктора, профессора Гарсаев Лечас (67 шо).

– Зуда а ялийна, керла ваха хуучу кIантана нанас лора, олуш хезна суна, цхьана чIагарх тесна ши Iайг, – кхетадо Ведана кIоштан Дуц-Хотехь вехачу Хаджимурадов Къаима (71 шо), – «Кхача цхьаьна буучу шина адаман барт бухур бац», – баьхна вайн дайша.

«Барт болчу цIен тIера ийман, беркат хедар дац», – боху нохчийн кхечу кицано. Я цо кхин цкъа а кхетадо, нохчийн халкъо керла доьзал кхоллар деза а, сийлахь а лоруш хиллий.

– Цхьана чIагарх тесначу шина Iайган кочарх дерг тхайн баккхийчаьргара хезна суна, – дагалоьцу Соьлжа-ГIалахь вехаш а, Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалхочун заместитель волчу Жамалдаев ШахIида (57), – дуккха а гина, девзина, лайна воккха стаг вара сан деда Жамалхин Хьамид. Ваьхна 112 шарахь. Цуьнан ваша Ахьмад – 106 шарахь. Йиша – Чухи 102 шарахь. Суна дика дагавогIу деден шича Гуьчкан Халид а,109 шо кхаьчна, товш къано вара иза. Цара билгалдоккхура, цхьана чIагарца вовшахтесна ши Iайг, ши адам вовшахкхеташ, пхьере кечбойтий, леррина царна совгIатана луш бара, олий. И стаг а, зуда а кхин цкъан а вовшах ца дала, делла дIадаллалц цхьаьна даха вовшахкхетта ду, бохург нисло цуьнан маьIна. Шаьш дийна мел ду, шайн чохь, нахана гуччу метте дIаоьхкина, кхазийнера шайн дайша-наноша иштта Iайгийн кочарш. Iожалла юкъаяьлча, доьзалша хIоранна цIетоьхна Iайг чIагарх схьа а къастош. ДIабахначу дайн цIераш хаийта, бухайисина чIуг дIа а юьллура… Хьалауллучу хенахь цхьаболчара дуьхь-дуьхьал берзабо, олура ши Iайг, зуда а, майра а барт, безам, тешам, ийман долуш бертахь дахийта; кхечара – вовшашна баккъаш тухий, эладитане, питане, ямарт, харц нах, шайтIа хилла, шаьш дохо юкъа ца болийта.

– Тхо махках даьхна, Сибарех дохуьйтуш (1944-чу шеран 23-чу февралехь), цIахь дисина, дайра тхан деден, дененан хилла цхьана чIагарца вовшахтесна Iайгаш, – дуьйцура Шелахь ваьхначу Дадалов Мохьмада (130 шо). – Сан дас-нанас уьш лелийнера я церан уьш хилла дара, дацара, ала ца хаьа суна. ХIунда? Хала а, къиза а, меца а хан яра хIетахь тхуна тIехь лаьттинарг. Мел деза гIиллакх хиллехь а, нохчийн доьзалийн «кхолламийн Iайгаш» дар, лелор, Iалашдар ма дийца, шайн догIмийн дола дан ницкъ кочучу хьолехь а дацара адамашка кхаьчна гIеллин дакъа.

Цхьана чIагарца вовшахтесначу шина Iайган гIиллакхах дерг дIаяздар, мел лаххара, 40 шо хьалха юкъадаьллехь а, кхетамехь карладалар дукха хан йоццуш нисделира хIокху могIанийн авторан. Республикин халкъан кхоллараллин ЦIийно вовшахтоьхначу выставкехь Хьалха-МартантIерачу Солтханов Ваида куьйга бинчу белхашна т1еIиттаделлера тхо. Дайн хенахь зуда яло кечлуш волчу жимчу стагана кечбайтича санна, цунна хьалха стоьла тIехь Iуьллура говза бина цхьана чIагарца вовшахтесна дечиган ши Iайг. Накъостийн тидам бахнарш Ваидан кхин белхаш бара. Ткъа со, яхана хан а, тахана вайна юкъахь боцчу цхьамогIа къаношца хIетахь хилла довха цхьаьнакхетарш а, церан хьекъале къамелаш а кхетамехь карладевлла, лацавелча санна, латта висинера.

Метта веъча, дукха хенахь дуьйна айса лехна ши Iайг карорах воккхавеш, цунна хуучух пайдаэца, хотту ас Солтханов Ваиде:

– Мичара евзина хьуна хIара тема, нохчийн муьлхачу гIиллакхан буха тIера ду ахь цхьана чIагарна тIехь вовшахтесна ши Iайг бар?

– Пхи шо хьалха дара и, цхьана къонахчо къаночунна иштта диначу Iайгийн кочарца совгIат деш гинера суна, – хоуьйту Ваида. – Мичара даьлла, хьенан, хIун гIиллакх ду, хатта таро йолуш меттиг яцара и. Мехкан куьйгалхо веана, доккха даздар дара… Цул тIаьхьа дукха къахьегна ас, и стаг лоьхуш. Букъа тIехьара бен цагар бахьана долуш, ца карош висира. Дукха хан йоццуш МартантIерачу Сатуев Адаман зуда еънера вайга. Цуьнгара хиира, пхи шо хьалха оцу диканехь кхуьнан майрачунна Сатуев Адамана (и хилла хIетахь Iайгийн кочар дIаэцнарг) цаьрца совгIат динарг Кен-Хи юьртахь ваьхна пхьар Магомедов Мохьмад хиллий. Дала гечдойла, шу марша, хIинца воцуш ву, боху, иза.

– Ткъа оцу Iайгийн кочарх лаьцна хIун хаьа хьуна? – шолгIа хаттар до оха.

– Кхушара бIаьста ду и. ГIуллакх хилла, Закан-Юьрта ваханера со, – кхетадо Ваида, – накъост волчу чувирзина, цуьнга вистхуьлуш, юххехь ши-кхо теш а волуш, и Iайгийн кочар хьахор нисделлера сан. Лоррий ла а дугIий, цхьамма олу (Кадиев Мохьмад хилла цуьнан цIе): «Вайн дай Сибарех бахийтале хьалха (1944 шо) Нохчийчохь лелла гIиллакх ду ахь карладаьккхинарг. Кхоъ кеп хилла, бохуш хезна суна, оцу белхан. Хьалхара а, шайх коьрта а лорург – керла вовшахкхеттачу стага а, зудчо а и ши Iайг тIехь болу Iайгийн кочар шайн бартан а, безаман а тешамна пенах дIауллуш хилар дара. Шайх цхьаъ дIадаьлча, цуьнан цIе тоьхна Iайг, шен йист хадайой, юххе охьа а буьллуш. Ший а дIадаьлча, чIуг пена тIехь кхаза а юьтуш, ший а 1айг охьабуьллуш хилла. Важа ши кеп дага ца йогIу суна».

«Нахана хьалха яккха шен ворхI ден цIе ца хуу стаг орамех хаьдда ву», – чIагIдо халкъан кицано. Оцу бохамах тIаьхьенаш ларъяр я царна дайн цIераш хаийта бегIийла кхоллар хилла Мохьмада йицъйинчу шина кепах цхьаъ. Царех лаьцна иштта дуьйцура Жимчу АтагIахь вина а, Шелахь ваьхна а волчу къаночо Уциев Юсупа (106 шо):

– Вайна юкъара дIадолуш, хIора а ден-ненан Iайгех пена тIехь кхаза йисина чIагарш дIагулъеш, шайн хиллачу дайн а, нанойн а цIерш вовшахтухуш, тIаьхьешна юкъахь уьш яха юьтуш, схьадеана нохчийн нехан гIиллакх ду и. Къам махкахдаккхар бахьана долуш (1944 шо), цхьана ханна юкъахдисина, кхин карладаккхар ца нислуш, ширделла.

– Шайн маса ден ц1ерш хаьа хьуна? – хаьттича, тхо цецдохуш, таса а ца луш, пхийтта ден цIерш ехира Юсупа. Цуьнан берашна а, берийн берашна а евзара цо бийцинчу къонахийн цIерш. Юсуп а, цуьнан кIант а юкъавалийча, церан-м уьш кхин а алсам дера хуьлура.

Вадаев Элберда кхетийра тхуна и Iайгийн кочар цхьанатесна деш хиларан бахьана.

– Ханна доцуш, захало шаьш гуттаренна деш хиларна, ша-ша къаьстина дар ца тардалийтина халкъо шен нахана и Iайгаш а, чIуг а, – чIагIдора цо, – хоттар доцуш я цхьацца дина, вовшахтийсар доцуш, дийна схьаэцначу цхьана коьчалх дар лийрина. Цундела, хьаьнг-хьанга балур боцуш, дукхе-дукха чолхе болх хилла и цу хенахь.

– Вовшахтесна-м динера уьш. Нагахь зуда дIаяхийтар юкъадаьлча, хIун деш хилла майрачо? – хотту оха Элберде.

– Дайн хенахь нохчийн хилла дац, велла дIаваллалц йолчу ханна шайн кIантаца яха а, шайн хинйолу тIаьхьенаш кхио а ялийна йолу зуда дIаяхийтар, – дара жоп. – Ен езар тIедужуш хIума даьллехь, иза ен а йоьй, чIагарх къастош хилла цуьнан цIетоьхна Iайг. Ца даьллехь, зуда дIаяхийтар магийтина дац нохчийн наха. Я цхьа бекхам боцуш вуьтур вацара, юкъадаьлла ен бахьана а доцуш, шайн йоI-йиша араяьккхинарг.

– «Жеро» – цIе хIетахь а ма хилла вайн нахана юкъахь лелаш? – керла хаттар до цуьнга.

– Дера хилла, – элира Элберда, – лазарх, цамгарх велла я къоман маршонехьа болчу тIамехь воьжна, тIера майра дIаваьлча, тиллина зудчунна наха и «жеро» цIе.

Теркан кIоштан Лаха Неврехь ваьхначу нохчийн меттан Iилманчас-фольклорхочо, халкъан академика Джамалханов Зайндис (91 шо) иштта кхетам ло оцу дашах:

– Вайн дайн хенахь нохчашна юкъахь лелла а, лела амал долуш а хIума ца хилла гуттаренна а ялийна йолу зуда дIаяхийтар. Ткъа и аша далийна «жеро» – дош – жерахь йисина зуда бохург ду вайн маттахь (рано овдовевшая женщина). Шен юьртана, кIоштана, махкана тIе цхьа бохам беъча, и бухатоха араваьллачохь, майра вийна, йисинчу зудчунна тиллина дуьххьара и цIе халкъо. Я къонаха стаг велла, цхьалха йисина сийлахь еза зуда – бохучу маьIнехь лелла ду и дош.

– Дайн хенахь, тахана санна, ханна ца хилла наха лелош долу захалонаш, – тIедузу Жамалдаев ШахIида, – Яхь, доьналла, стогалла, ийман долуш, шайна а, махкана а пайде тIаьхьенаш кхиийта, гуттаренна а деш хилла. Цундела, оцу доьзалан чIагIо адамашна кхето а, цкъа а, цхьана хенахь а, цхьаьнгга а и гал ца яккхийта а, юкъадалийна ду, олура сан дедас Жамалхин Хьамида а, суна бевзинчу кхечу къаноша а и Iайгийн кочар. И дицдича, я юкъара дIадала доьлча, вайн захалонех хилларг гуш ду-кх шуна. Дайн хенахь нохчийн нахана юкъахь бевзина бац дIабахийтинчу зударех хилла жерой. Къона а, хаза а, наха къуьйсуш а йолуш юьгуш, къанъелча я тишъелча, дIайохуьйтуш, шайн йоьIан, йишин сий ца дайъийтина нохчийн наха. Оцу хьолах – башацар олуш хилла я – цабашар. Нагахь юкъадаьллехь а, цу тIехула бехкечуьнга дукхе дукха луьра жоп а доьхур дара.

Халкъо фольклорехь, кхин цIе а ца туьллуш, «Жерочун кIант», шен сийлахь-безачу къонахел а толош, гайтаро шеконе-м муххале а ца дуьллу, бакъхилар чIагIдеш, тIедузу Вадаев Элберда а, Джамалханов Зайндис а, Жамалдаев ШахIида а «жеро» бохучу дашах лаьцна дийцинарг.

Курчалойн кIоштахь ваьхначу илланчас-фольклорхочо Галаев Бутас, дайн хенахь леллачух къастош, иштта кхетам лора тахана вай шех «жеро» – ала долийначу зуда йитарх, дIаяхарх лаьцна:

– Халачу цамгаро лаьцна, я мехкан дукъ эцна араваьллачохь, майра велла йисина а йоцуш, дIаяхана, дIаяхийтина йолчу зудчух «жеро» алар нийса дац. ЦIийнан, цIеран, кхерчан нана хилла Iен, яха ца хиъна цIаеънарг яц иза. Шена хьалха волу стаг, шех зуда ян а, ша кхаба а, шен а, шен доьзалан а дола дан а, стаг ца хилла, араяьлларг – ю иза…

Цундела, вай дуьйцучу Iайгийн кочаран хьалхара а, уггаре коьрта а маьIна хилла – доьзал болош вовшахкхетта ши адам (стаг, зуда), делча бен, вовшахдала амал цахилар. Иштта и захало гуттаренна а дина ду бохург хилла иза.

– Керла вовшахкхеташ долчу кIантана а, йоIана а санна, Iожалло бен и шиъ вовшех даккха амал дац бохучу маьIнехь, шина доттагIчунна а деш хилла дайн хенахь цхьана чIагарх тесначу шина Iайган кочарца совгIат, – вай хьалха далийна делилаш тIедузу Закан-Юьртахь вехачу Кадиев Мохьмада (62 шо). – Кхин мичахь лелла ала ца хаьа, тхан дай схьабевллачу Къоьзана-Юьртахь а, Ведана кIоштахь а гIиллакх дара иштта, олий, дуьйцура сан дас Къедин Саракъа.


Место бытования

Страна: Российская Федерация

Республика/область/ край/автономная область/автономный округ/город федерального значения:Чеченская Республика


Историческое бытование

Тип описания: История формирования

Страна: Российская Федерация

Республика/область/ край/автономная область/автономный округ/город федерального значения: Чеченская Республика, г. Грозный

Событие: Недопущение предания к забвению (исчезновению) этой прекрасной традиции


Предметы, связанные с ОНН

Тип предмета: Традиционные чеченские предметы быта

Наименование Предмета: IАЙГИЙН КОЧАР (СВЯЗКА ЛОЖЕК)


Принадлежность ОНН

Чеченские традиционные национальные предметы быта


Ключевые слова

ЧIуг, кочар, Iайгаш, Iайгийн кочар, доьзалан чIагIо, хIайкал, коьчал, барт, цхьаалла


Лицо, имеющее отношение к ОНН

Тип ответственности: Носители

  • Магомед Дадалов (130 лет) – уроженец г. Шали;
  • Юсуп Уциев (106 лет) – уроженец с. Новые Атаги Шалинского района ЧР;
  • Зайнди Джамалханов (91) – с. Нижний Наур Надтеречного района ЧР;
  • Абдулкахир Эльдаров (90) – с. Новогрозный Гудермесского района;
  • Элберд Вадаев (90) – с. Хамби-Ирзе Урус-Мартановского района;
  • Абдулгапур Алхазов (71) – с. Беной-Ведено Ножай-Юртовского района;
  • Каим Хаджимурадов (71) – с. Дуц-Хоте Веденского района;
  • Ваид Солтханов (70) – г. Урус-Мартан; Лечий Гарсаев (67) – с. Элистанжи Веденского района; Шаид Жамалдаев (65) – г. Грозный;
  • Магомед Кадиев (62) – с. Закан-Юрт Ачхой-Мартановского района ЧР.

Тип ответственности: Исполнитель

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф

Тип ответственности: Эксперт

Фамилия лица: Гарсаев

Имя Отчество лица: Лейчий Магомедович

Дополнение к имени: Ученый-кавказовед, доктор исторических наук, профессор

Место работы/адрес: Академия наук Чеченской Республики

Тип ответственности: Исполнитель

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф


Организация, имеющая отношение к ОНН

Тип ответственности: Министерство культуры Чеченской Республики

Название организации: ГБУ «ЦНТ»

Местонахождение: ЧР, г.Грозный, улица Деловая, 19/65


Источники информации об ОНН

Литература и материалы:

  1. Полевой материал из личного архива А.Х.Уциева.
  2. Фото и видео материалы из личного архива А.Х. Уциева и из архива ГБУ «ЦНТ» МК ЧР.

Фотофиксация


Видеофиксация

Аудиофиксация

Шахид-Жамалдаев


Регистрация ОНН

ОНН зарегистрирован: ГБУ «ЦНТ» ЧР ,Номер:CHECH046.

Полное наименование: Государственное бюджетное учреждение “Центр народного творчества” Чеченской Республики

Post Your Comment Here