НОХЧИЙН КИРХЬА (занавес для невесты)

Наименование: НОХЧИЙН КИРХЬА

Язык наименования: Чеченский


Наименование: Занавес для невесты

Язык наименования: Русский


Тип объекта:  Празднично-обрядовая культура:

  • Праздники
  • Обряды

Краткий текст описания: Известный чеченский ученый, лингвист, фольклорист, народный академик Зайндин Джамалханов отмечает, что слово кирхьа – имеет чисто чеченское происхождение. Здесь кир – груз (ответственность), хьа (н) твой. Или означает, как только снимут этот занавес, который призван, в первую очередь, защитить ее от чужого глаза (сглаза), ненужных разговоров и сплетен, начнется ее новая жизнь, жизнь чеченки-цIеннаны (хозяйки дома), жизнь хранительницы очага, жизнь матери, на плечи которой всецело ложится ответственность за мир и благополучие в доме. А также за воспитание в своих детях достойных сынов и дочерей Отчизны.

     Другими словами, соглашаясь в день свадьбы «прятаться» от людских глаз за кирхьой (соблюдая обычаи народа), невеста как бы дает клятву любить, ценить, сохранять и через будущих детей своих, приумножать обычаи, традиции, нравы и культуру чеченского народа, предостерегая словно золотые лучи солнца, процеженные сквозь прозрачную материю, из которой сотворена кирхьа.

     Изготавливают кирхьу из гипюра, шифона и других тонких, прозрачных, но очень дорогих тканей.

подробнее…

Керла доьзал боло чохь шаьш лардар лоьруш, дуккха а хаза, оьзда гIиллакхаш хилла нохчийн халкъан. Царех ду белхех, синкъерамехь, ловзаргахь, хийистехь я бевза-безачийн хIусамехь (ирахь Iойлехь) кегийчу наха а, мехкарша а безаман уьйр-марзонаш хиттар, захало дийцар, дега, нене ехна, йоI маре йигар а.

Шайн кIоргене кхевдича, дуккха а кхечу гIиллакхашка я декхаршка дIекъалуш карадо дагардинчу гIиллакхех хIора а. Масаллина схьаоьцур вай: ехна, йоI маре йигар. Кхузахь, уггаре хьалха, юкъадолу захалш бахийтаран гIиллакх. ТIаккха – шина а агIонна юкъахь дийцарш дIадахьаран гIиллакх. ЙоьIан наха дош даларан а, цаьрца бартан шун декъаран а, нус араяккхаран а, иза пайтона я машена хаоран а, марзойн цIен тIе (я йоссо билгалйинчу хIусаме) йигаран а, кирхьа юкъадаккхаран а, и къовсаран а ду гIиллакхаш. Оцу тIаьхьарчех хир ду тахана вайн къамел. Я нохчийн кирхьанах лаьцна.

Нохчийн меттан Iилманчас, фольклорталлархочо, халкъан академика Джамалханов Зайндис иштта маьIна доккху кирхьа – бохучу дешан: – кир – груз, хьа(н) – твой. Я тахана ахьа (нускало), кхузара юьхь йолош, хьайна тIелоцучу нохчийн къоман цIенненан гIиллакхийн мохь, берриге а хьуна цхьанна кхочу бохург.

Иштта, ша яло арадаьллачу адамийн бIаьргах – юьхь дуьхьал хьажаран эхьах ларлуш, кирхьанна тIехьа хIотта реза хиларца, нускало чIагIо еш лерина халкъо, шипонах чекх литтина маьлхан нур санна, цIена а, сирла а долуш, шега кхаьчна и деза сийлахь гIиллакхаш, кхиор, хаздар, тIедузар бен, кхин эшам боцуш, шен хинболчу доьзалшка а, доьзалийн доьзалшка а дIадала.

– Шипонах а, бес-бесарчу бойнех а, иштта шена чекх са гучу кхечу тоьллачу кIадин тайпанех а йина кхоллар ю (занавес) кирхьа, – дуьйцу ЭгIаштарчу яхархочо Дазаева Шумисата (109 шо). – Нускалан лакхаллин барамал сов еха а, и дIахIутту соне хьулъеш, шуьйра а йолуш. ХIокху, оцу кепара аьлла, ша кечдарехь тоьхна дозанаш дацара,

– Дайн заманахь, шен куьйган говзалле терра, маре йоьдучу йоIа ша кечдеш гIиллакх хилла, олу, шена кирхьа, – билгалдоккху нохчийн духарш тегаран говзанчас Юсупхаджива Азас (45 шо, Соьлжа-ГIала), – Вайн хенахь, бинчу барте хьожжий, хинболчу марзоша я йоьIан шен наха кечдайтар нисло и… Ша шена тоьгуш йоI наггахь бен, ца йолу. Цундела, цхьаццанна дехарца, хIара шо доладелчахьана иттех кирхьа тегна хир ду аса. Кирхьанан оха ларбо барам: яхалла ши метар, шораллехь – 1,5 метар нисло. Кечдар – тегийта баьхкинчийн лехаме терра. Цара къастийна дешнаш тIе а яздеш. Масала, «Дала декъалйойла хьо!», «Ирсе хуьлда хьан дахар!»,

– Нускал дало боьлхучу замоша шайца дIахьош гина суна кирхьа, – кхетадо Жимчу АтагIарчу вахархочо Айдамиров Руслана (60 шо), – йоI йолчара, иза маре яха новкъа йоккхуш, цунна хьалхадоккхуш а дайна. Керла гергарло доьзначийн барт хиларе хьаьжжина, лелош гIиллакх ду и.

Кеч муьлххачу агIоно дахь а, нускал эцна, замой юха богIуш, кирхьа новкъахь береша «къовсуш» гIиллакх а хилла нохчийн.

      – Дегнаш Iаьржачу, вуочу нехан хьогIечу бIаьргех ларъеш (бIаьрг ца лацийта), невцан кертахь, хIусамехь кирхьанна тIехьа къайлаяккхар лийрина халкъо шен хьомсара нус, – боху Джамалханов Зайндис. ­– Цундела, захало кхочушхилла, нускал а эцна, замой арабовлуш, воккхачун хааме хьоьжуш, дойшкахь кечбелла лаьттачу кIентех ка сиха йолчо, пайтон тIера схьаоьций, «дададора» и. Я нускал далош богIурш цIа кхочуш лаьтта, боху, хаам оьций, невцан нахана тIекхача сихлора. Цуьнгахь болчу динал шен дин маса болчо, тIаьхьахохкий, цуьнгара схьа а оьций, кхидIа а «дадош». Оцу къовсаман гIиллакхца догIуш дацара, беречо и кирхьа шел хьалха ваьллачуьнга дIацадалар. Нохчийн Iедалехь, мелхо а дин чехка болчу беречун аьтто бан декхарийлахь хуьлу иза, кхиболу дошлой а.

«Дадош» долу кирхьа пайтон тIехь дерг доцуш, нускалан наха кечдинарг хилча, и муха схьаоьцур ду къовсамна кечбелла Iачу дойн-береша? – боху хаттар юкъадолу кхузахь.

Цунах лаьцна иштта кхетам лора Жимчу АтагIахь вина а, Шелахь ваьхна а волчу къаночо Уциев Юсупа (106 шо).

– Нускал эцна, йоьIан нехан хIусамера шаьш арадевлча, замой пайтонашка (тахана машенашка) ховшучу юкъана, невцан накъостех цхьамма дойшкахь кийчча лаьттачу берех ханна воккхачуьнга дIало кирхьа. Цо, адамийн самукъадоккхуш, дин жимма дIаса а хьовзабой (я ца хьовзош), бисина дошлой тIаьхьа боьхуш: «Же, яма кIентий, мал ма лолаш! Дин маса болчунна, шегара хьуьнар гайта, кхул деза де хир дац. Дала аьтто бойла вайн!» – олуш, невцан хIусам йолчу агIор дIахохку шен дин. ДIакхаьчча, бухахь дуьхьалдаьккхина невцан вера­сех стаг, зуда хуьлу и кирхьа дIаэца. Къонахчо схьаоьций, шеца йолчу зудче дIало и. Оцу зудчо шена тIаьхьахIоьттинчу несарех цхьаьнга – нускална билгалйинчу «соне» и дIаолларна сихо яйта. Цул тIаьхьа, кирхьа схьаэца дуьхьалдаьллачу шимма хIусамдайша билгалдина совгIаташ до кирхьа дохьуш веъначу беречунна.

Нохчийн гIиллакх хилла, дукха генара схьадогIу, олу, дуьхьалъяьллачу зудчо кирхьа дохьуш веъначу беречун динна коьртах башлакх ехкар. Ткъа шена динан беречунна деш долу совгIат, зуда ялийначу нехан харжаме хьаьжжина: шаьлтий-доьхка, нохчийн чоа, я верта… хила тарло.

– Вайн заманахь, шен кIантана зуда ялош, ша дуьхьалваьлла, шен керта баьхкинчу шопаршкара кирхьа схьаэца гIерташ марда а хаавелла суна, – дуьйцу Соьлжа-ГIалахь вехаш а, болх беш а волчу, политически Iилманийн кандидата Дадуев Мохьмада (67), – «Со ву марда а, ловзаран да а, и бал дIаберзо безарг а, – бохуш, – Сол хьалхаваьлла, цхьаьна а ден бакъо яц, тхан керта дохьучу кирхьанах куьйгаш Iитта…» Нохчийн гIиллакхца догIуш хIума дац и. Нохчийн Iедалехь, шена гучу а яьк­кхина, ша цуьнга мотт бастийтин чул тIаьхьа бен, нус­кална дуьхьалхIотта бакъо яц марден. Я иза хIусамненан дарже йолуш, цо шега кховдийначу хих къурд а бина (мотт бастийтина), шаьшшиъ вовшашка дистхилла даьлча бен. Нохчийн маттахь хIусам – бохучу дешан маьIна, хIу самадолу меттиг – хилар тидаме эцча, «хIу сама­доккхучу цIийнан нана (цIеннана)» хуьлу – хIусамнана бохучу дешан маьIна. Къонахийн тIаьхье цахадийтар цунах дозуш хилча, доккха дош ду и, деза дош ду и, лараме дош а ду –  хIусамнана. Кхузахь доллучун а шен лерам хилар лехна халкъо.

Кирхьа схьаоьцу бохуш, дуьхьал а ца лелхаш, ша воллу чохь Iад Iен веза марда, – боху Веданахь вехачу къаночо Исбахиев Ахьмад-Хьаьжас (85), – шен кIантана ялийна нехан йоI, хитIа а яьк­кхина (я ца йоккхуш), мотт баста, хин чами а карахь шена дуьхьал дIахIоттаяллалц. Цигахь цуьнан декхар ду, несо деъначу хих къурд а беш, шен йоI санна, ларамца иза тIе а эцна, дохнах хIума яларца (шинара, дуьхьарг) цунна совгIат дар. Вайн заманахь керла ков-керт, квартира, машен…  луш меттигаш а йогIу.

Нохчийн наха даима деза лийрина ду хи а, даьхни а. ХIунда аьлча, муьлхха а кIотар, юрт юьллу чохь, белхи бина, дукха генара тIедало дезаш нисделла шайна а, дохнна а оьшу хи. Я и хи дол чохь бен ца хилла дахар. Ткъа оцу дахаран юьхь – даьхни кхиорца йолийна. Цундела ду, кирхьанна тIехьара араяьккхина, хица мотт а бостуьйтуш, мардас несаца долу гергарло хин беркатца дозар. ХитIа яккхар, цаяккхар юьртахь лаьттачу хьоле терра дитина.  Нагахь тезет делахь, шен кертахь синкъерам а, ловзар а ца дайтина нохчийчо.

– Марнанна бакъо елла халкъо, шен кIантана далочу нускална дуьхьалъяла а, цунна билгалваьк­кхинчу шайн цIийнах волчу къонахчуьнца цхьаьна, замойн «геланчера» кирхьа схьаэца а, – дуьйцу вевзаш волчу Iилманчас-кавказоведа, исторически Iилманийн доктора, профессора Гарсаев Лечас (66), Элистанжа, Веданан кIошт, – беречун динна коьртах башлакх ехка а. Иштта, шайн тойне гулбеллачу нахана хьошалла дечу зударийн гIуллакхашна тIехь куьйгалла дан а. Шен-шен кIоштан гIиллакхашка хьаьжжина, шаьш тIеоьцучу нускална, шайца мерза хилийта, бага цIазам а буьллу цо, коьрта тIехула конфеташ а туьйсу… Кхин мел ду уьш, когаш кIел палс тосуш, кара бер луш, нуй кховдош, марнаноша юкъадаьхна нус зиэран гIиллакхаш.

– Нускал далийна чохь марнана хелхаялар дика ца лийрина вайн халкъо, – кхетадо Дазаева Шумисата, – нус дIайоьду, олу, тIаккха.

Ша Iачу кертахь, хIусамехь шена тIедогIучу йиша-вешица, гергарчаьрца, уьйрашца, марзонашца цхьаьна воккхавен а, той декъа а, царна хьошалла лело а бакъо ло мардена. Кегийрхошкахула инарлица зIе латтош, ловзарна тIехь куьйгалла дан а таро ю цуьнан.

Цхьацца йолчу кIошташкахь, шен дикане гулделлачу адаме маршалла хоттуш, дуьхьалволий, ловзар схьадоьллуш а, хан кхаьчча, дIакъовлуш а хилла мардас. Амма, нус шена а, ша цунна а юххера гуш доцчу хьолехь. Цунна а ма ду кирхьа, чекх са гахь а, мардена несан юьхь ган аьтто боцуш. Я иза шена нохчийн Iедалехь гучаяккхалц, мардех несан юьхь хьулъечу гIиллакхан лакхе а ю кирхьа.

Ловзар дIадолош, инарле а, ша лерина, цига баьхкинчу юьртахошка а вистхила а, шена тIе мел богIу хьеший эцна, ловзар юкъавала а маршо ю мардена. Нус хезехь елахь а боху, цуьнан юьхь гуш йоцуш я иза кирхьан тIехьа а йолуш.

– Нус язъян кхоьллина дац вайн кирхьа, – кхетадо Джамалханов Зайндис, – Иза шайна тIебогIучу нехан вочу бIаьргах, хьашдоцчу къамелех, цига хьийзачу къанойн а, тхьамданийн а, шайн цIийнах болчу баккхийчу нехан а бехках ларъян ду. Цу тIехь ледарло ца хилийта, хийца а луш, даима цунна юххехь латта декхарийла бу майрачун йижарий я юххера зударий.

КIеззиг шен хатI хийцаделлехь а, тахана а Нохчийчохь ширделла дац нохчийн нахана юкъахь кирхьа лелоран и башха гIиллакх. Массанхьа а лардеш, нускал далоран гIиллакхийн башха беркат хилла схьа а догIу.

– Йоссийна чохь оцу кирхьанна тIехьа хIотторца, халкъо вуочу нехан вуочу бIаьргех лачкъош, керлачу дахарна кечъеш ерг, нохчийн сий долу йоI, йиша, нус ю, – олура Курчалойн кIоштан Гелдаганахь яьхначу йоккхачу стага Чакалаева Хьасанта (101 шо). – Я маре яха араяьллачу нохчийн йоьIан сий, пусар, ларам бу цига мел деъначу адаме, цунна лаахь, ца лаахь, ларбойтуш берг. Кирхьа дIа а теттина бен, хьожийла ма дац несе вайн дикане веънарг. И дIатеттина бен, тIекхочийла а дац цунна. Я, шина дашехь аьлча, мархашна тIехьа къайлабаьллачу нур долчу малхе хьажа веана хуьлу, оцу кирхьан тIехьа лаьтта нускал ган лаам мел берг.


Предметы, связанные с ОНН

Тип предмета: Традиции и свадебные обряды чеченцев

Наименование Предмета: НОХЧИЙН КИРХЬА (занавес для невесты)


Принадлежность ОНН

Традиции и свадебные обряды чеченцев


Ключевые слова

Кирхьа, нускал, йоссийна, кирхьа къовсар, захало


Лицо, имеющее отношение к ОНН

Тип ответственности: Носители

  • Шумисат Дазаева (109 лет), уроженка с. Агишты Шалинского района ЧР;
  • Юсуп Уциев (106), уроженец с. Новые Атаги Шалинского района ЧР;
  • Хасант Чакалаева (101), уроженка с. Гельдиген Курчалойского района ЧР;
  • Зайнди Джамалханов (90), уроженец с. Нижний Наур, Надтеречного района ЧР;
  • Лечий Гарсаев (66), житель г. Грозный ЧР;
  • Руслан Айдамиров (60), уроженец с. Новые Атаги, Шалинского района;
  • Аза Юсупхаджиева (44), проживает в г. Грозный ЧР.

Тип ответственности: Исполнитель

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф

Тип ответственности: Эксперт

Фамилия лица: Гарсаев

Имя Отчество лица: Лечий Магомедович

Дополнение к имени: ученый-кавказовед,  доктор исторических наук, профессор

Место работы/адрес: Академия наук Чеченской Республики


Организация, имеющая отношение к ОНН

Тип ответственности: Носитель

Название организации: ГБУ «Центр народного творчества ЧР


Источники информации об ОНН

Литература и материалы:

  1. Полевой материал, фотографии из личного архива А.Х. Уциева.
  2. Фотоматериалы из архива ГБУ «ЦНТ» МК ЧР.

Фотофиксация


Регистрация ОНН

ОНН зарегистрирован: ГБУ «ЦНТ» ЧР ,Номер:CHECH042.

Полное наименование: Государственное бюджетное учреждение “Центр народного творчества” Чеченской Республики.

Post Your Comment Here

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *